Тысячи
литературных
произведений на59языках
народов РФ

Этого он не знал

Автор:
Муса Бексултанов
Перевод:
Лидия Довлеткиреева

Кхунна иза ца хиънера

                                         Ацин Сулайманан  
                                         кIантана Сулумбекна.

 

Воккхачу стагана ца дийзира, несо шен месийн бос сих-сиха хуьйцуш. Хьалха-м кхунна и хIун ду а ца хаьара. Хьалха-м хIара чIогIа тамашийна хьоьжура цуьнан Iиллинчу даьIахках терчу, можачу месашка. Уьш боккъал а хаза яра, дожа кечделла гуьйренан гIа санна.

Нус-м куц долуш стаг яра кхуьнан. «Дера ца хилла кIант бIаьрган хьесап а доцуш-м, – элира кхуо ша-шега, – ткъе итт шо кхаччалц леллехь а».

– Iуйт, маржа Къарибат яI, дуй, – шен гоьла тIе буй туьйхира воккхачу стага, – вехаш-м вацара хьуна, тахана къона а волуш, са санна, езачу цхьана къоначу йоIаца хIара дуьне мел ду дIа ца вахча… гиний, ца гиний, ваьллий-воьллий боху хабарш тIаьхьа а дуьтуш.

– ГIевланга йилла-м ца воллура хьо иза…

– Ца воллура, хьан кортий, биъ коггий бехийла… Цунах дIаиэн воллур-кх, лаьттах ножан орам санна…

– Сацал, деллахь, дукха дах а ца деш… Ахь са чу дахийтина яц со… Цкъа лийли хьо:

«ЛиттIир-литтIитIар,
ЛиттIитIар-литI.
Дала дала вайшинна,
Жима Палад», – бохуш, Казахстанехь, цхьана жерочунна тIаьхьаваьлла. Юха лийли… ЭхI-хIей! Хийла ахь со хьовзийра-кх, тахан-тховса эмгар кхочуш санна.

– Эй, кеста яла, Къарибат, хьо, кхин хьекъалчу ца йогIуш, букар яха-кх хьо, дуй! – элира воккхачу стага.

Юха, Iийна, элира цо:

– Ткъа, дийцахь, дуй, нус муха хета хьуна хьайн, реза юй хьо несана? – аьлла.

– Со хIунда яц цунна реза, уьш вовшашца мегаш хилчхьана, кхачам бу-кх суна, – элира йоккхачу стага.

– Нус ирча-м яц хьуна хьан, Къарибат. Хьо яцар-кх хьуна, Къарибат, ас ялош, стага юьгур йолуш, дуй… Эцца сайн бIарзвелла лелачу ас цхьа куьгтохаран кеп а йина, цхьамма а тергал ца еш Iа хьо, таттаелла сан коча еар-кх…

– Яра, Къуръанор, со-м, хьаъа дIа а юьгуш, и схьакхетта малх санна, кхена йоI!.. Жовбетар ма вара хьуна суна тIехьийзаш… Масийттазза нах – со бен мила ву бохучу – Дундин Илеса ма бахкийтира хьуна, хьо, Iовдал, ван а веъна, тIе а кхетта…

– Со лолда хьан, зуда, сацийталахь, хьайх Анзоран Заза ян а ца гIерташ! Хьоьга хаьттича, хьол воккха пурстоп а вац кху дуьненчохь, нахе хаьттича, хьо санна коьгарий а бац-кх.

Доккхачу шина стага кест-кеста бора и тайпа бегаш. Наггахь бакъдерш а дуьйцура цара. Шаьш вовшах кхетчхьана, цкъа наьIалт ца олуш, даьхна долу и шиъ, хIинца мар-зудий хилар дIа гена а даьлла, «хьенех-минех» олуш, вовшийн цIераш а йохуш, вовшех дог а лозуш, цхьана сица дехара. Цу шимма хийла бала а, мацалла а, дика а лайнера цхьаьна. Цу шимма ворхI доьзалхо лаьтте а кховдийнера. Ткъа хIинца цу шиннан кIанттий, йоIIий дара. ЙоI-м шен доьзал а, шен керт а, котам а йолуш йоллура.

КIант вара-кх воккха хила ца туьгуш. ХIинца иза а, цхьадика, воккха хиллера.

Нус ялийначу юьххьехь къонделира хIара шиъ. Йоккха стаг-м, яй чохь хударан бера санна, хьийзара. Воккха стаг а воьлура, ша Къарибатах воьлу а бохуш. Буса кеста наб а ца кхетара кху шинна.

– Атаби! – кхойкхура йоккха стаг бодашкара схьа.

– ХIун элира ахь, ва Къарибат? – вистхуьлура воккха стаг.

– Шинхьа цIе ягон ма еза вайн… Оцу дечгана…

– Дера, Къарибат, и нал санна вир-м ду Изновран! Ас хьасттагIехь ворхI туьманан мах а бийцина лаьтташ. Цу вирна даллалц тоьар йолуш ворда а ма ю.

– Говраш хохкуьйтур юй ахь, Атаби… оцу зудчо…

– Уьш хIун говраш ю?

– Оцу зудчо… цо… кIант вича…

– Ю, Къуръанор-кх, изза Изновран вир а диллина-м, шен ворданций.

– ДIааьлларг харцахьа ма даккхахь… Вир муха дуьллу!..

– Делахь, хьан етт буьллур бу-кх, хIокху масийтта шарахь я маша а доцуш, я эса а доцуш лаьтташ болу…

– Со реза ю-кх и етт билла а, кIантана цIе а туьллуш. Тхайн ден цIе тилла лаьара суна, Атаби, кIантана…

– Цо хIун дуьйцу, ванах! Стаг вайа йоллура хьо! Къонахий лаьхьий санна долу йоргIа дой хьийзош лелачу хенахь, букъ-цIогий дойначу вира тIе а хиъна, хаьнтIехь мангалх йина шаьлтин пистиг а лестош лелла хьайн ден миска вуьйцу ахь кхузахь… КIентан цIе, вайн десар хир ю дийначу нехан буьйда бIаьргаш дууш леллачу тхан ден цIе – Iумах.

– ЭхI! ЦIе йожа цу белхан! Тоьпан хьокха коча а оьллина, нехан шинарш идош леллачу цунах ма чIогIа полколаг хилла… Довта а хетара суна, Атаби, хаза цIе…

– ДIаялахь, Къарибат, дуй! Вай тиллинарг царна мегар а ма яц. Эцца шайн цIераш тохкур ю хьуна», «Аслан, Бислан, Сослан», – аьлла. Цулла а оцу лампанан къуьдане кIур а ца бойтуш, «хIуп» алахь.

ТIаккха доккха ши стаг охьадуьжура, боданехь, бага гIеттош, дехха бIаьрнегIарш а деттий, ойланаша гIел а дой.

Воккха стаг-м дечиг кхехьа волавелира. Шен Iуьйра ламаз а дой, хIума а кхоллий, де лакхадаьлча хьуьнах воьдура, вир а южий. Хьуьнах дIакхаьчча, вир яжа дIа а хоьций, цхьамма а жоп доьхур доцу, маццах цкъа дечгаш хедийна гуьйригаш яха хIуттура. Гуьйригаш цхьаерш екъа а, вуьйш мурйоьлла а нислора.

Делккъалц гуьйригаш а йохий, юха Iинчуьра хи тIе ламаз эца воьдура воккха стаг. ТIаккха сийначу бай тIехь дехха ламаз дора, сица а, дегIаца а цIанлуш. Цул тIаьхьа жимма набарна тевжара, акхачу кхура кIелахь.

Кхано, самаваьлча, гуьйригаш вордан тIе кхехьа волалора. Иштта хIара леллашехь, де а дIа йисте долура.

ХIокхо кхоьхьучу гуьйригаша ерриг рагIун кIело а, кертан яххаш а дIалецира.

Йоккхачу стага бага еттара: «ХIун дан воллу хьо царах, кхин кхузткъа шарахь ваха-м ца гIерта хьо! Я уьш йогур а яц», – бохуш.

«Берана цIе оьшу, зуда, хаддаза ягош, Iай а, аьхка а», – олура хIокхо.

Йоккха стаг дIасоцура.

 

*     *     *

Iа, тIе а деъна, дIаделира, кхара гуьйригаш а ягош. Доккха ши стаг леррина хьоьжура несе. ХIумма а ца къаьстара.

– Ва, Къарибат, хьо зуда а яра, хIумма а дац цигахула, дуй, сан-м бIаьрса а дац… – олура воккхачу стага.

– Суна гуш-м дац, – олура Къарибата, – хьастагIа цо берамала йоьллина наьрс юуш а гина, масийтта банка помидор а, наьрс а ма яьстинера ас… Уьш а эцца мустъелла лаьтта…

ТIаккха ший а дIатоьра, вовшех ойланаш а лечкъош, реза а доцуш.

ХIинца хьалха санна ца оьхура воккха стаг хьуьнах. Дог а ца догIура. ХIинца кхуо дукха ойланаш йора. Наггахь, вицлой, ламазан хан а тIехтуьлуьйтура хIокхо.

ХIара ца кхетара шен кIентан, несан дахарх. Кегий а ма бацара уьш!

Юха кхунна шен несан месаш Iаьржа гира. ТIехь бIаьрг ца соцуш Iаьржа. ДегIе цхьа зуз хьаьдира кхунна, гIезо цIеххьана «хиш-ш» дича санна. ХIара вуьйхира тIаккха.

– Къарибат! – элира хIокхо, чу а веъна, аз а дегош. – Оцу зудчун и месаш тохара цIечу басахь ма яра… тахана Iаьржа ма ги суна… Оцу кIанте… цу кIанте…

– ДIавалахь, уьш-м шайна луъучу басахь хуьйцура цара, месаш-м мегар яра, мухха хилча а… ШолгIа шо ма ду, нахах а эхь ма хета суна, тIекхаьч-кхаьчначо хоьттуш…

– Къарибат, алахь… ала мегар дацара те…

– Оьзда ма дац иза, ва Атаби, муха эр ду ас, йоьIан йоI хила а там болчу…

– Цхьана кхечуьнга…

– Нахехула муха олу, цхьа а дийца эвхьаза вац… Юха а хIун ду а ма ца хаьа. И йоI цIа еъча, хоттуьйтур-кх. Иза а хили цомгаш.

– Оцу лоьраша а… цара дарба до олуш ма хезнера суна. Вайн кIентан бехк буй те, Къарибат…

– Ца хаьа суна-м, хьенан бехк бу а. Дош доцийла-м хаьа.

Воккхачу стагана иза дерриг а ца дийзира. ХIокхо карлаваьккхира шен ворхIе а да. Юха ша лелийнарг а теллира. Кхунна цхьа а бахьна ца карийра. Лаца хIума доцуш хийтира орамаш. Орамаш-м цIена дара. Уьш-м баьхнера. Генаш ду-кх дакъадала дуьйладелла. Заза айпе латадо-кх, къаьхьа хиларг. «Атта хIума яц-кх хьо, дуьне, атта хIума», – элира цо ша-шега.

Юха гуьйре еара, мажделла гIа а дужуш. Къийгаш а хьийзара юьрта тIехула.

КIант а, нус а, курортера цIа а деъна, шайн балха дIадахара. Нус ишколехь яра, берашна хьоьхуш. Лаккхара дешна а яра иза.

ХIетта еара кхаьрга йоI, шен ши бер а далош. Иза ехха больницехь Iиллина а хиллера. Воккхачу стагана хазахийтира бераш далийна. Вирах чIогIа самукъа долура церан. ХIокхо вордана а хаадой, хьуьнах а, хьаьмцаш даа а дуьгура и шиъ.

Цара кхунах «Воккха Дада» олура. Шех цара Воккха Дада мосазза олу, шен кIант, нус дуьхьал хIуьттура кхунна. ТIаккха дог а Iаьвжара, иштта, хIорш санна, хьеста кIентан бераш доцуш. Уьш гуттар а кхуьнца ма хир дара. Ма дукха хабарш дуьйцур дара кхуо царна!

И ши кIира синкъераме даьккхира доккхачу шина стага. Йоккха стаг ма яра, моттахь, кура а яьлла, хIумма а ца гуш, хьийзаш.

– Вайн десар, Къарибат, дуй, йоьIан бер гича-м со вицлур хилла хьуна, – бегаш бира Атабис, – со вала ца лахь, бIаьрзе гуо туьйсур бу-кх ахь. Селхана жерочуьнца дош дийца вахнера моьтту суна кIант, дуй!

– Вирца вахнера хьо! – дерриг а дохийра Къарибата.

ЙоI эххар а дIаяха кечамбан йолаелира. ТIаккха ший а гIелделира хIара шиъ. Дог а дуьйхира.

Йоккхачу стага хох а, саьрамсекх а, бакъийна дума а – кху дуьненчохь мел ерг вовшахтоьхнера йоIана. Атабис ворданахь охьаяьхьира уьш, автобус тIе, ший бер тIе а хаийна. Цу шимма, доьлуш, йоккха гIовгIа эккхийтинера. Нанас къайлах хичаш йора царна. Ши бер ца соцура. Атабина хала а, хаза а хетара церан делар. Юха хIара чувеъча, йоккха стаг цхьанххьа гуш а яцара. ХIокхо-м кхин лаха а ца лехира иза – хIара ша а вара дог эшна.

Вир дIа а хецна, чоьхьаваьлча, Къарибат кхуьнгахьа букъ а болуш, лохачу гIантахь Iара. Атталла хьала а ца гIеттира иза.

– Хьо тIелетта-м яц цу гIантана? – элира кхуо.

Йоккха стаг хьалаиккхира. Юьхь лечкъайора цо. Йист а ца хуьлура.

– ХIун до цо! – элира воккхачу стага. – ДIаяла, дуй, хьоьца Iийна ер юй иза, шен доьзал а болуш йолу стаг…

Йоккха стаг меллаша гIанта охьахиира.

Йилхира, йист а ца хуьлуш. Атаби паднара тIе аркъал охьавижира, ши куьг коьрта кIел а дуьллуш. Кхунна йоккхачу стеган елхар хезара. Вир а Iаьхира чIоггIа. «ЖIаьлеша яа-кх хьо а, – элира кхуо ша-шега, – жимма дIа гена а яьлла Iаха ца мега».

– Ва саца, дуй, белхамаш а ца беш! – тIечевхира воккха стаг Къарибатна.

Къарибатан елхар кхин а чIагIделира.

ТIаккха цхьана хIуманна шеквелира Атаби. ЙоIа ши кIира даккхар а дагадеара, цIахь кхин кхо бер а, марнана а, цIийнда а воллушехь.

– Къарибат… и йоI… оцу йоьIан кхин хIума гал-м ца даьлла цигахула, со а вохий ахь-м… – элира цо.

Йоккхачу стага корта ластийра, дацаре деш.

– ХIета, ма тийжахь, дуй. Ма тийжахь! – элира Атабис чIоггIа.

– Тийжа муха ца тийжа кхузахь, ахIи-ахIи, тийжжал дерг хIокхара лелош хилча… АхIи-ахIи…

– ХIун леладо цара?.. ХIун ду кхузахь, суна хIунда ца хаьа…

– Хьуна а хуур ду-кх… Юьртана хуург, вайша доцчунна…

– ХIун хилла хIинца! Мила велла?!

– Стаг а ца велла… Хьан несо Дала шена велла доьзалхо дIаваккхийтина, больнице а яхна… Кхин хIун хила деза хьуна? Кхин мила валийта воллу хьо! Дийцал ахь! Дийцал! – йоккхачу стага, Атабигахьа схьа а йирзина, корта а лестош, дешнаш кхуьйсура, Iодо пха санна.

Атаби топ кхетта Iуьллура хIинца, я узар а ца деш, я меттах а ца хьовш.

Къарибат-м луьйш яра, ворхIе стигал а, бархIе латта а дуьйцуш. «Стигал тIе хIунда ца хаьрца, – бохура цо, – латта бух муха ца долу, хиш хIунда ца лекъна. Латта декъа хIунда ца делла иза лелачу новкъахь, цIе хIунда ца яьлла кху дуьненах, буькъа кIур гIоттуш?»

Атабин аз ца хезара.

Меже а ца хьовра меттах. БIаьргаш диллинчохь сецнера, негIарш тIе а ца кхеташ.

– КIант ма хилла дIаваккхийтинарг а, кIант ма хилла… АхIи-ахIи… – тийжара Къарибат.

ТIаккха хьалаиккхира воккха стаг. Цуьнан бIаьргаш сийначу цIарах догура. Эгайора меженаш.

Иза уллорчу цIа чу иккхира. Цо неI тоьхча, корийн бIаьргаш, «дзар-р» а деш, дегаделира. Лестира пенаш а.

Юха иза араоьккхуш гира Къарибатна. ТIе гIовтал а, кога маьхьсеш а юьйхина, коьрта сурам куй а тиллина.

ТIаьхьахьаьдира йоккха стаг:

«Ахь хIун до… хьо стенга воьду… Хьо тилаве Дала… Хьо хIун дан гIерта?» – бохуш.

– ЧIир хьеян воьду! ЧIир хьеян! Сайн стаг ца вита воьду! ДIахезин хьуна хIинца, дIахезин? – вухахьаьжира Атаби.

Къарибат тIекхийтира цунна, тIехьара, гIодаюккъера схьа а лоцуш:

– Ма… Сацалахь… сацалахь, Атаби… Собар дехалахь Делера… Собаре хилалахь…

– ДIахеца…

– Сацалахь, Атаби…

– ДIахеца, ас…

– Со лолда хьан, Атаби…

– ДIахеца со, ва вир! Хьуна хила Делан наьIалт! Ас и корта оту хьан, лаьхьанан санна, – Атабис йоккхачу стеган коьртах каеттара, мас лаца гIерташ.

– Атаби! Вайн бакъо яц хьуна цу хIуманна… Хьо бехке ву хьуна… Хьо бакъ вац хьуна… Хьан кIентан пурбанца дина хьуна, хьан кIант бертахь а волуш ду хьуна… Вай цхьабосса ду хьуна… Вай цхьаъ…

Воккха стаг букъ кагбелча санна висира. Кийрахь стелахаьштиг хьийзара, буру хилла. ЦIе уьдура пхенашкахула. БIаьрса дайра.

– Атаби… ва Атаби, – элира йоккхачу стага кхано, елха а йоьлхуш, голаш тIе охьа а лахъелла.

Воккха стаг схьавирзира.
ТIевеара меллаша Къарибатна.
ТIехIоьттира.
ОхьатIехьаьжира гIийла.
ТIелахвелира.

– Ас наьIалт эли-кх хьуна, Къарибат… НаьIалт эли-кх ас… Яхь ма елахь соьца, хIу хаьдда стаг ву хьуна со, Къарибат, хIу доцуш… – воккхачу стеган бIаьргаш тIекъовладелла дара.

Цунна хIумма а ца гора. Цунна ган а ца лаьара хIумма а. Цунна ца хаьара, хIара хIун ду, хIунда ду, хIара мичара ду, маца ду. Цунна зуда, бераш а деш, керт а лелош, шен доьзал а, цIийнда а Iалашвеш, яха еза моьттинера. Моьттинера боьрша стаг, доьзална напха а лохуш, уьш шийла а, меца а ца буьтуш, уьш оьзда, гIиллакхехь кхиа а беш, ваха веза. Кхунна моьттург кхуьнца къанделла хиллера, тишделла дIадаьлла. Кхунна иза ца хиънера, ца хиънера…

Рейтинг@Mail.ru