Тысячи
литературных
произведений на59языках
народов РФ

Дорога, спускающаяся в село

Автор:
Муса Бексултанов
Перевод:
Лидия Довлеткиреева

Юьрта бог1у некъ лакхара охьа чу

 

– Ахь хи молий?

– ХIаъ.

– Ас шийланиг дохьу хьуна!

– Дахьа.

Хаза юрт-м хилла хIара. ДогIа деъча хала ду-кх. Дуьххьара ма тамашийна дара… Ткъех сов цIа, маьI-маьIIехь лаьтта. Чохь нах боцуш мел ду! Деса цIенош, дерзинчу корашца! Кхерам. Чохь пешаш ягон ишкол, тIекхета гергга яхна. Директор а, министр санна, шен кабинет а йолуш.

Ишкол. Ишкол, гIан санна дIаяхна зама.

Сочинени язъечу хенахь, кхуо шена художник хила лаьа аьлла яздира.

– Муха кхоллабелира хьан и лаам?

– Иштта дIа, хIорда тIехула айелла гIаргIулеш йолу сурт гича.

– Ахь дехкиний суьрташ?

– ХIаъ, дехкина.

Юха иза, Айза, ши бIаьрг парти тIе а боьгIна Iа.

Кхуо Айзин суьрташ бен ма ца дехкинера.

Айзас шена хьехархо хила лаьа элира.

– Хи деан ахь? – со хьалагIотту.

– ХIаъ, – схьакховдадо.

ХIинцца хьаькхначу баца тIе охьахуу. ГондIа – хьожа, бецан, алан хьожа. Дерриш а лаьмнаш, хьаннаш, ирзош…

– Аьхка-м дика хуьлу хьуна тхан юьртахь, гондIа ма хьоьжу хьо! Некъаш дац-кх…

– Шайн колхоз ма ю шун! Дахкийта, – олу ас.

– ДIавала, ахь хIун дуьйцу! Массо а юуш ву. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь иттех председатель хийцавелла тхан. ХIора а тIевеъна хуьлу, юьртаца а, тхоьца а бала а боцуш. Цундела ма ца Iа кхузахь цхьа хьехархо а – догIа деъча районера гIаш ван веза берхIийтта километр. Хьо-м дика а воллу пхеа шарахь.

– ХIа-а, сой… Иштта дIа…

Адамаш дика ду кхузара. Бераш санна. Хаза а ду бIаьста. Туьйра.

– Хьехархо хила хIунда лаьа хьуна, Айза, хала болх ма бу иза. Гуттар а бага леян езаш.

Юха цо:

– Суна суьрташ дахка ма ца хаьа… Ахь и суьрташ дIагайтарна кхераеллера со чIогIа.

ЧIабанаш. КIайн-кIайн настарш.

– Нах дика бу хьуна тхан, Джабраил. Цивилизаци олу хIума дикка кхачаза ю хIинца а. Тхуна ток йиллина а ма яц дукха хан!

– ХIахI, хьалагIатта вайша, мангалша мекха лоцур ю иштта Iахь, – олу ахь.

Шарх. Шарх. Шарх.

– Хьоьга чIогIа ца лууш элира ас мангала вола. Хьоьга хьакхалур бац моьттура суна…

– ХIа-а, мангаллий…

 

*     *     *

ХIунда! Со хьоме кхиийна бер ду-м ца моьтту хьуна! ХIан-хIа. Аса-м вираца дечиг кхехьна, шелонна куьйгашна хIуп а бохуш. Совхозан кхаш тIера можа хьаьжкIаш а лехьийна буса, набарна бертал а ветталуш. Дас шеца гуттар а мангала кхийлина со. Цо хьокхура. Ас тIегулйора. ТIаккха охашимма цунах такхор бора сарахь. Со кхоьрура Айза, сайна а ца гуш, дIаяхарна. Тхан юьрта еъна йоI яра иза. Хаза йоI яра.

Со кIирнах кхийлира дадас шеца мангала. Мангал дIабаллалц кхийлира.

Цкъа тхойша хьалхо цIа веъча, Айза дIайоьдуш гира суна, шен нанна юххе а яьлла. И шиъ цIа йоьдуш яра, гIала.

Со ведда божли тIехьа иккхира. Охьахиира екъчу кхелли тIе. Вехха Iийра тIаьхьа хьоьжуш. Юха легаш къевлира цабевзачу дегабаамо. Велха лаьара. Ца вилхира.

ТIаккха, гурахь, ишколехь, тхайн класса чохь гира, жима ши чIаба а йолуш, кIайн-кIайн настарш а къаьсташ парти кIелахь.

КIайн болар… Цкъоцкъамийн Iаьржа-сийна ткъес… Зазан, шовданийн, Iежийн чам… Дуьне дуьзна ойлано, вохаро, мохь а аьлла ваддал халчу балано…

Цуьнан да велла хиллера. Нана, йоI а ялош, юьрта хьалаеънера яха, шен нана йолчу.

– Зулкарниева юй хьан фамили? – хьехархочо.

– Ю, – цо.

– ЦIе Айза ю хьан? Охьахаа.

Иза охьахуу, кIелара коч шина куьйга нисъеш.

 

*     *     *

Юха а охьахуу, хIинцца хьаькхначу сийначу баца тIе. Буц кIеда ю. Кху юьртана тIебогIу некъ лакхара охьа чу бу, геннара, ломан коьрттера. ТIулган кIайн некъ дIаса а хьийзаш чубогIу, охьанехьа боьду лаьхьа санна. Кхузара дIахьаьжча дерриш а цIенош го, куьзган чохь санна.

– ДIога цхьа хьаша а йогIу вайн юьрта! – иза а соьга боху.

– Мичахь? – со дIахьожу.

– Новкъахь.

– ХIа-а, иза сан хилла дешархо ю, Алиева Хеда.

– Идрисан йоI ю иза… институтехь ерг?

– ХIаъ. КхоалгIачу курсехь ю иза…

– Иза а хаза йоI ю. Зуда ялон езара ахь, Джабраил! ХIокху юьртахь хаза мехкарий ма бу шортта… Ахь тIе пIелг хьажийнарг юй, вашимма…

– Ца оьшу, хIун до царах, хIан-хIа, – дайн дуьту ас.

Айза а ма яра хIетахь кхоалгIачу курсехь, Айза а ма яра…

Алиева Хеда-м кхунна а хета хаза йоI, шен дешархо. Цуьнан луьста чIаба.

Кхунна Айза дуьхьал туьйсуьйтура цо. Ша а хетара жима, некъа тIе цунна дуьхьал оьхуш, сарахь, ялх даьлча йогIучу автобусна.

Цундела хIара гуттар а урокехь Хедига хьоьжура дагалецамашца. Хеда наггахь, ларамза санна, схьа а хьожуш, бIаьргаш меттах ца хьаечу киншки тIе а доьгIна Iара, лаар-эхь вовшашца къийсалуш, цIий а елла.

ХIара цкъа журнал а дицдина веара класса чу. Кхуо Хеда яхийтира журнал схьадан. Журнала юккъехь кехатан чкъуьйриг карийра, буххахь яздина: А. Х.

«Ишта хIунда яздина ахь, йоI, ишта хIунда? ХIа? ХIунда? Сох ца кхетта-кх хьо! Ца кхетта», – элира кхуо дагахь.

Юха кехатан цуьрг хьерчийра буйнахь, горга жима уьйриг беш. Урок чекхъяьлча дIакхоьссира.

ШолгIачу дийнахь урок хаьттира кхуо цуьнга, Хедига.

– Со тахана кийча яц.

– Охьахаа, шиъ ду хьуна.

Баттахь лийлира, дегабаам а бина. Кхуо цуьнан цIе ца яьккхира кхин. Я дIа а ца хьоьжура хьалха санна.

Цул тIаьхьа кхунна иза йоьлуш гира. КIенташца а гора. Иза дика а дара иштта.

 

*     *     *

– ХIахI, дIавала, садайна. Дика хьаькхира мангал а! – хIара шиъ, мангалш белшаш тIе а дехкина, охьаволало. Бецан хьожа ю гонах. ДегI а ду дайн.

– Тховса синкъерам бу хир болуш, цига гIур ву вайша. Зудабераш хир ду шортта, луларчу юьртара а цхьаьна. Хаза, чIархъалий, хьайн маж а яший, суй санна хилал хьо! – сан белшаш тIе куьг туху, бIаьра а хьоьжуш.

– Дика ду, – ас велааьшна до.

Синкъерамаш. Ловзарш. Белхий. Нохчийн деган шовкъ. Амалш. Яххьаш. Шаьлтанаш. Сий. Эхь. Уьш жим-жимма дIа хIунда довлу, дан хIунда дов!

Стенца хуьйцу! Со хIунда ца хилла цкъа а синкъерамехь? Хьо хIунда ца ихна синкъерамашка? Хьан хIунда ца хилла расха дин, гIодаюккъехь шаьлтий-доьхкий, хийистехь хьоьга хьоьжуш лаьтташ йоI? Юха иза гича, хьан дин терса цунна, иза йовза а евзина.

Хьо шайн юьртана ялх чакхарма генахула тIехболучу трасси тIе воьдура шоьтан дийнахь. Айза ялх даьлча автобусахь цIа йогIура. ТIаккха хьо цхьанхьара вогIучуха тIеволу автобусна. Хьуна Айза го. Цу буса хьуна наб ца кхета.

Шу ишколера схьадогIу цхьаьний, доьшучу хенахь, Iинчухула а девлла. Iинчохь жима татол ду. Акха кхор а бу берда йисттехь лаьтташ. Кхура тIехь бухIа Iа. Массара а тIулгаш кхуьйсу цунна. ТIе ца кхета. Дуккха а кхуьйсу. ТIаккха ахь кхуссу тIулг. БухIанна зIакар буьххье тIулг кхета. Чуюжу, татол чу. Охьахьо хино. Юха шуьша цхьаьна дисча, Айзас хьоьга элира: «Дахарехь цкъа а аьтто хир бац-кх хьан, Джабраил… Ца хаьа, суна хета-кх иштта, хир боцуш санна».

Итт класс яьккхина ваьлча, хьо а гIоьртира деша ваха. Ахь шиъ доккху. Айза чекхъелира. Армера цIа веъча, хьо совхозе балха вахара. Заочно деша ваха кехаташ кечдеш а вара хьо. Хьо иштта вехара, хIора шоьтан дийнахь Айзина дуьхьал а воьдуш. Цу дийнахь а вахара хьо. Цуьнан тIаьххьара экзамен. Автобус схьаеъча, хьо тIехиира. Ца гира чохь. Цхьанхьа хиъна Iаш хир ю. Юьрта схьакхаьчча, охьавелира. Нах а бевлира охьа.

Айза яцара.

Хьо исс даллалц сецира, хьоьжуш.

 

*     *      *

– ТIехьийзаш йоI юй хьан, Джабраил? – соьга.

– ХIа? Ю…

– Мичара?

– Тхан юьртара.

– ЦIе хIун ю кхуьнан?

– Айза…

– Айза хаза цIе ю. Сан а ю цхьа йоI, Шуьйтахь. ЦIе хаза яц-кх. Саждат. Айза ю хьуна хаза цIе.

 

*     *     *

ХIаъ, Айза хаза цIе яра, ткъесах дича санна Iаьржа-сийна цкъоцкъамаш а долуш, кIайн-кIайн настарш а къаьсташ кIайчу боларехь. БIаьстенан заза, я гурахь дужу гIа. Ткъа хIинца кехаташца, суьрташца макхделла дисна кIайн аматаш!

Юьртарчу ишколехь а ма яра кхунна меттиг. ХIара ца Iийра-кх.

Дийнахь шозза кешнашна уллохула тIехвала везара. Мел чIагIо йича ца Iалора дIа ца хьаьжча. Ткъа юха дIахьаьжча, Айзин бIаьргаш гора дуьненнал гIаьттина, машенан чкъургаш кIелахь, бетонан некъа тIехь, стиглан Iаьршех беттало орца доьху мохь. ТIадамаш, цIийн тIадамаш, седарчий санна, я Iожаллин узарш!

 

*     *     *

– Суьйре дика хуьлда шун, Джабраил Магомедович. Шу мангалара догIу?

– Диканца ехийла, Хеда. Хьо яц хIара, дуй! – кхуьнан накъост тIаьхьа хьожу йоIана, лакхарчу балдех мотт а хьокхуш.

Хедас тIера бедарш хийцина хIинца. КIархаш а бу такхийна. Цхьа куьг халатан киснахь ду. Настарш – ерзина. ЧIаба а лачкъийна гIалано. Юьхьо, аматаша, яйн кегийначу месаша яккхийра гIаланаш, театраш, тайп-тайпана басарш дуьхьал туьйсуьйту.

ТIаьххьара шовкъаш. Карзахе ка. ДIадов кхин цхьа бIешо.

– Мангалш кхуззахь, хьочах, хьалаохка деза вайшимма, Джабраил. Же-же, юург кечъел тхойшинна, синкъераме…

– Ас шуьшинна хьаьжкIаш ма еттина, Джабраил Магомедович! – накъостан йиша. – Хьан муьлхачу буйнара ю? – куьйгаш тIехьа лоцу.

– Аьрру буйнара!

– Бохь кхечи, бохь кхечи… – йоьлу.

«Дахарехь цкъа аьтто хир бац-кх хьан, Джабраил.  

– …?  

– Ца хаьа, суна хета-кх иштта, хир боцуш санна».

– Нана, – хаьттира хIокхо хIетахь шен денене, цIийн седарчий бетонан некъа тIехула лацаделлачул тIаьхьа. – Стаг заза санна хазвелла, кхиъна ваьлча, вала хIунда ле?

– Ца хаьа суна-м, Джабраил, гуттар а вахархьама ле хир ву-кх, цкъа а вала ца вала.

– Гуттар а муха веха?

– Адамийн гIайгIанехь я шен шерийн синкъерамехь веха-кх.

Со хIетахь ца кхийтира.

Ткъа вехаш хиллера, лакхара охьа чу богIучу новкъахь йоI гича я сарахь, шовдана йистехь, хада кечделлачу дуткъачу мерзех зевне аьзнаш декча!

 

*     *     *

– Ахь хIун до?

– ДIа чу воьду со…

– Вай, собар де… ХIума а йиъна, синкъераме ца воьду вайша, зудабераш…

– Кхана цхьацца болх бу сан берашца бан безаш, жимма кечам а беш… – Со дIавоьду. Гена лакха хьалаволу со. Юхахьожу. Иза суна тIаьхьахьоьжуш ву хIинца а. «Ма Iовдал ву-кх хьо», – боху хир ду цо, сох вела а воьлуш. Бахийтахь. ХIун ду баьхча! Цуьнан ма ца елла цхьа Айза а. Цунна ма ца хаьа, заза санна хазъелла, кхиъна яьлча елларг гуттар а муха еха соьца, гIайгIанца, зевне аталучу къоналлин беларшкахь.

Суна ма хаьа, суна!

Дерриг а суна цхьанна…

ХIунда! Оццул дукха – хIунда?

 

 

Рейтинг@Mail.ru