Дечиган тайнигаш
Буьйсанна бетассин серло корах чукхетта карийра Денина, генахь доццуш даьллачу цхьана ирачу татано ша самаваьккхича, дехьачохь беран гIийла делхар а хезира. И хIун тата ду хиира, тийналла юха а герзан гIергIаро мерцича, ша маршбаьллачу махкахь вехаш хилар дагадеара, и бахьанехь ша ирс доцуш хила йиш йоцийла а.
Бер юха дилхича, дехьа чу ваьлла «ошхIада» дийшира цо, агана тIера хIума дIа а тосуш: иза гIенах доьлхуш дара. Бер маликаша делхадо, хьан дай-наний делла хьуна бохуш, дагатесира цунна мацах цкъа нанас олуш хезнарг. Ма къиза бегаш бу-кх уьш, дай-наний бен кхин хIума доцуш цхьанхьара, Азаллера хIокху шийлачу, Iаьржачу, кхерамечу лаьтта деанчу, цхьана а хIумана охIла доцчу жимчу адамна. Я маликаша бийраш бегаш бац техьа? Цара и жима адам хIокху къизачу дахарна кечдеш ду техьа, хьалххехь цунна бохаман чам бовзуьйтуш?
Ша тайпа жоьжахати ю-кх Латта а, адамийн синош зен кхоьллина. Бер дуьненчу ма делли, дIадолало зер. Дахар – сингаттам, дахар – лазам, наггахь итт шарахь цкъа – самаьршадалар а. Самаяьлла нана бехкалайоьду:
– Набаран тар тесна хилла-кх суна.
Цуьнан куьйга кIелахь цхьана эшшарехь дIасатехка доладеллачу агано, цацано ахьар санна, луьйсу беран делхар, дуьненчухула дIасакхуьйсуш даржадо, эххар а иза дов.
Сехьарчу а волий, стоьла хьалха охьахуу иза. Стоьла тIера кхуо дечигах даьхна сурташ беттасин серлонехь, цхьана тамашийначу, адам тIе ца кхочучу хьуьнан кIоргехь дехачу садолчу хІуманнйн гІаларташ хета.
Жима волуш дас ша ламчу вигча жа дажо, цигахь карадирзира цунна и гІуллакх – дечигех нехан сурташ дахар. Дас ца тадира: пайда шех схьабер болуш хІума дац, тІе адамийн сурташ дахкар бусулба дино магийна а дац. Амма уьрсаца дечигаш цестар цІийх доьллачу цо аьттехьа а ца йитира и ойла, ткъа шен «ІаьнтІехь ламанан юьртахь» боху кегийчу скульптурийн сурт – оцу метр деха а, ахметр шуьйра а долчу уьн тІехь юьртахь хуьлу коьрта хиламаш а, гІишлош а, гайтинера цо: сонехь лаьттара лекха бІов, маьІ-маьІІехь – цІенош, цхьанхьахь гу тІера салазаш хохкуш бераш, вукхузхьа – пхьоьхана хІиттина нах; царна уллохула тІехваьлла, салазана ши сту а боьжна дечиге, я йол цІаян воьду воккха стаг; юьстахо долчу шовданан коьртехь лаьтта захало дуьйцуш кІант, йоІ, кегийрхой; хи мало а дигина, жа цІа далош вогІу жима кІант, цунна юххехь доккха месала жІаьла – хІаъ, и сурт Москвахь хиллачу гайтамехь тидаме эцча, цуьнан цхьа а шеко ца йисира ша юьхьарлаьцна некъ нийса бац аьлла.
ТІаккха церан ерриге а хІусам яьккхира дечиган сурташа, уьш алсам мел девли а, ден резавацар алсамдолура, «ткъе итт шо кхаьчча а тайнигех ловзуш ву сайниг, неханаш тоххарехь баха хевшина», – дов дора цо, ткъа цхьаьна ло диллинчу Іуьйранна, цІе лато гІерташ, и ца леташ йоккха стаг хьеелча, дас шен суртех уггаре а доккханиг доха а дина, чІийш а даьхна, царах нанас латийнчу цІаре а хьоьжуш Іийра иза шен йогучу кхоллараллина дагчохь гІийла воьлхуш, вист а ца хуьлуш. Дена а ша динарг кІантана иштта халахетта гича, хорам хиллачух тера дара: «Хьо ма чІогІа оллавелла вала ца везарг велла тезет хІоьттича санна, и тайнигаш-м шортта йохур яра ахь, эцца арахь ас деанчу ургІалех хьайн беззарг: безий-пхонан, безий-махан ургІал дІаэца, уьш чекхдевлча хьуьнхахь а ду-кх хьуна». ХІара дуьхьал вист ца хилира ша хІеттахь дена къинтІера ваьллашехь, вист ца хилира хІума кхоллуш Іаш цо цхьацца бегаш бича а (луъушехь, шайтІано ца витир-кха вистхила), юха и салазана говр а йоьжна, керла диллинчу лайлахула лар а юьтуш, хьуьна юккъерчу ирзу тІера йол цІаян ваха новкъа ваьлча а.
Оцу дийнахь и цІа ван хьиевелча, салазан лорах ша виэхьа а виэхьаш, са бага а кхаьчна, дена тІаьхьавоьдуш цуьнан кийрахь кхоллабелла дагахьбаллам, шо-шаре мел дели, дагчохь базлуш, деган деттадалар денна а гІелдеш, гІелдеш, гІелдеш, боккха хуьлура, бакъду хІетахь лайла дахана Іуьллучу ирзу юккъехь тІе йол а йоьттина лаьттачу салаза тІехь, гел хьовзо тасавеллачохь садалар хиллачу ден шелъеллачу юьхьа тІе махо уллорчу бІаьллинган коьллаш тІера схьахьаькхна лайн хІур гича, и къиза дагахьбаллам, дог ангалин бІаьрг санна дакъошка а доькъуш, цуьнан кийрара арабаьлла, Іаьржачу Іаьршашка, кхечу адамийн сингаттамаш а, баланаш а кхерстачу шийлачу есалле дІабаха гІоьртира. Цуьнан кхетам цкъа реза а хилира иштачу жамІана, амма шен нанна а, жимахдолчу йишина-вешина а хьалха долу декхар дагадаро сацийра, лалийна даш хилла цуьнан кийрара арагІерта и дагахьбаллам.
Шо шаре мел дели гІеллора цуьнан кийрахь жимчохь летта кхоллараллин цІе, амма оцу некъах вуха ца волуш, дІагІертара иза, дийнахь а, буса а къахьоьгуш, наха: «хІокху юьрта гонахара ерриге хьун хІаллакйина волуш лаьтта-кх хьо, кІант», – бохуш, бегаш а беш. Иштта дІаихира денош, денош, денош; цкъа Іа дулуш, юха бІаьсте йолуш, тІаккха – аьхке, юха-гуьйре, цул тІаьхьа дерриге юхадолалора, кегийнаш баккхий хуьлура, баккхийнаш къанлора, къенанаш Делан эхарта дІакхелхара, гІелделлачу бІаьргашца шайх дуьсучу маьлхан дуьнене а хьуьйсуш. Цхьа хІара вара хІоьттина лаьтташ, я воккха а ца хуьлуш, я хийца а ца луш, – мухха делахь а цунна хаа-м ца лора и хийцам.
Хийцам цІеххьана хилира, кхул иттех шо жима йиша хьажа-хІотта цІа еача, цуьнан йоІаций, кІантаций оцу йишел а ши шо жимах волчу вешин ши кІант ловза а волавелла, ловзу-уш, церан дов а даьлла, «хІусамдайх» цхьамма хьешех йоІ а елхийна, хІара царна маслаІат да вахча. «Ванах, ас лелориг хІун ду техьа, нехан-м доьзалш а бу, церан цхьацца Іалашонаш а ю, цІенош дар, машен эцар, бераш деша дахийтар, царна тІеюху, когаюху, кхин, кхин, кхин, кхуьнан цхьа а дезар а дац ишта, кхуьнан гІуллакх – дечигех тайнигаш яхар, амма уьш мел чІогІа лерина кечъярх цхьа а ела ца къежа, я йист а ца хуьлу, я елха а ца йоьлху, вешин я йишин бераш санна, – уьш шийла ю, и шело кхуьнан дагах чекхйолу, юха буьйсанна, болх ца балуш, куьйгаш охьа а хецна Іа иза, Іуьйкъе Іуьйранга ластталц, тІаккха екъачу паднара тІе, кхин гоь а ца яржош, дІатевжа, тІе юргІа а тосуш, амма наб ца кхета сатаса герга даххалц.
Сама а ваьлла, бІаьргаш схьадиллича, аьхкенан маьлхан комаьрша серло яра корах чу Іенаш, уьйтІахь ловзуш лелара бераш, екара котамаш. ХІара хьалагІаьттина хаавелча, рагІу кІеларчу пеша хьалхахь цхьацца дезарш деш хьийзачу нанас кхайкхира цуьнга, хьайна хІума яа аьлла.
Лохачу горгачу стоьла тІехь хьокхамца тІо-берам бууш, тІе шекарца марздина чай а молуш, цIеххьана ойла кхоллаелира: гІала дІаваха веза, цигахь мах хадор бу кхуьнан кхоллараллин, дерригенна а бехке юрт ю, гІалахь кхуьнан тидам бийр бу.
Юьртах тІаьххьара чам белира цуьнан, цхьана гуьйренан дохк долчу дийнахь эвла йистерчу Бекисат йолчу а яхана, хІокхо ма гІо боххушехь, цуьнан кІентан йоІаца захало хьахон, вукхо цхьа гІиллакх доцуш, вуо тІе а эцна, кху дуьнен тІехь мел болу сардам цунна буллуш, цІа еанчу нанас шен коьртара кортали схьа а даьккхина, кхоьссина паднара тІе дахийтича: «Бехк-м сан бара, нах боцчу нахана тІеяхначу» олуш; нанна халахеттарг шена Бекисата дуьхьало яр а дацара, цо шен кІантана аьлла: «И тайнигийн мар ма вара хьуна тхуна кхачаза виснарг!» – боху дешнаш дара.
Уьш чІогІа Денина а Іаьткъира, ша сел лерина, бусалба стага ламаз санна, лелочу гІуллакхах стаг цавашар йоккха къизалла хийтира цунна, амма шена и цІе тиллинарг цхьа Бекисат йоцийла а хиира цунна, хІетахь дуьйна ирделлачу лерасица юьртахошка ладегІа ваьлча.
Цхьана дийнахь нанас кхоьаш йоьхкина вовшахтоьхна иттех туьма а эцна, са ма тесна йоьдучу автобусца новкъаваьлла, гІала вахана масех бутт баьлча, цунна ша юьртахьчул а чІогІа декъаза хийтира. ГІали йистехь лаьцначу цІа чохь шийла а, цхьалха а дара. Юьртахь-м, цкъа мацца а гІала а вахана, цигахь ша вовза а вовзийтина, гІуллакхаш талур ду шен бохучу ойлано вохвора, хІинца иза а дІадаьллера.
ХІетте а, хораме шело легашка мел гІерта, аз доцуш воьлхуш, дечигаш цоьстура цо. Тайнигаш хьалхачул дика хуьлуш санна а хетара: кхуьнан синІаткъам дечиге болура, цундела шийлачу дечигах даьхначу суьртийн бІаьргашкахь гуттаренна а сецнера кхуьнан гІайгІа а, кхуьнан сатийсам а.
Цо хІора шен дечган «бер» дуьненчу ма делли, дададой, хьой художникийн туькана дІахІоттадора, амма мах кхин лакхара а боццушехь, кхин оьцуш стаг ца волура.
ХІара хІора дийнахь воьдура туькана, йохкархой къинхетаме белакъежара цунна хІоразза а:
– Мел хаза ду хьан сурташ! Делахь а цхьаммо а дІа-м ца оьцу...
Амма цхьана дийнахь, цхьа йоІ лаьттара кхуьнан «Іаьнан де юьртахь» бохучу сурта хьалхахь. Ехха хьийжира иза, тІаккха касси тІе а яхана, мах дІа а белла схьаийцира цо сурт. Ши йохкархо вовшашка а хьаьжна, цхьа тамашийна елакъежира.
– Кхин цхьаъ стенна ца оьцу ахь? – хаьттира царах цхьамма, кора хьалха лаьттачу кхуьнга бІаьрг а таІош.
– ТIаккхахула оьцур ас... – элира йоІа.
Иза араяьлча, хІара цунна тІаьххье аравелира, букъа тІехьа шина йохкархочун елар а хезаш.
Масех де далале, туька дІа цІанъелира кхуьнан суртех: цхьадерш цу йоІа схьаийцира, цхьадерш кхуо цунна дІаделира. ТІаккха цу шимма цхьана тергалдира гІалин урамашкарчу дитташ тІера гІаш, мажлуш, цІийлуш, лаьтта иэгар. ТІаккха и гІаш санна, лайн чимаш дуьйладелира хІаваэхь хьийза. И шиъ а хьийзара ши лайн чим санна, дахаран мохехь, безамо айина, чІагIлуш лаьтта шело а ца хаалуш. И денош, и суьйренаш, и буьйсанаш мерза а, тамашийна а яра, амма цхьа суьйре – ло а догІуш, мох а хьоькхуш хилларг къаьстира царах тера цахиларца. ХІара шиъ аьчган некъа йистехь динчу цхьана лекхачу чардакха бухахь лаьттара, мохо дІасалесточу цуьнан дечган коьчалийн цІийзар а хаалуш. Я Іаьнан шело сов а яьлла, и яшон кху шиннан кхолладеллачу гергарлонан йовхо ца тоьъна дарий а хаац, я кхуьнга кхолламо беш хаам барий хаац, стенна делахь а, кхунна шен дерриге а дахар – хІинццалц схьахилларг а, кхул тІаьхьа хиндерг а – и дорцехь лаьтта чардакх хийтира. ХІан-хІа, ницкъ кхочур бац Маримин оцу чардакхах цІа дан, кхуьнан акхадаьлла са чудерзо. Кхочур бац техьа? Цуьнан а ца кхаьчча, хьенан кхочур бу и? Кхунна лиира Іехавала: хІун хаьа оцу йоІа ларвой а иза кхуьнан дегІах, цацанах хи санна, чеххбуьйлучу цхьаллин мохах.
ГІовгІа йоцуш тийна, масех машенахь, кхунна-м нехан тидам кІезиг мел хилий а диках хетара (Маримина иштта хеташ ца хиллера, цо зевнечу эшарийн ловзаре сатийсинера – тІаьхьа, ахшо дІадаьлча бийцира цо шен дагахьбаллам). Іаьнан чилла чІагІъеллачу хенахь, кхуо Марима ша баттахь мах а луш лаьцначу хІусаме а ялийна, ваха хиъча, дийнера де мел дели декхарийн мохь базлуш, базлуш, базлуш, оцу йозаллина буха ца ваха гІерташ, Іуьйкъана самаваьлча а шен белхан стоьлана хьалха хууш, дечигаш цоьстуш, сахуьлунга волура; наггахь Маримас къада-м дора меллаша, цкъа хьалха мухха даьккхина а ахча а даьккхина, цхьа цІелиг а эцна, чохь-арахь оьшург а нисдина, тІаккха паргІат бийр бара кхоллараллин болх. И хьехамаш кхуо, говра корта лестош мозий санна, шех дІачехабора; цкъа цхьана буса накъосташца молуш, дууш Іийна, гІеххьа хьийзаш корта а болуш, чувеъча, кхо мохь а хьийкхира: «Я великий художник! Со вешаш вац хьуна, тІелхигаш юхкуш бахам гулбечех. Сан цІе гуттаренна ехар ю хьуна!..Мила ву со саннарг? ХІахІ?».
Марима дуьхьал йист а ца хилира цу буса: иза уггаре а хала а дара. Кхунна моьттура ша мохь хьекха дІаволалуш, зудчо шена дуьхьал доккхур ду цІентІехь мел оьшург, дан дезарг, ткъа уьш пайдабоцуш хІуманаш хилар хоуьйтуш, кхуо шениг дуьйцур ду...Амма хІумма а дийца ца оьшуш, кхуо атта толам баьккхира, амма цо хазахетар ца деара, мелхо и атталла къаьхьа чам а хилла легашкахь лаьттара, масех стака хи мелча а дІаяла ца туьгуш, ткъа Іуьйранна бепигца деккъа чай моьлуш Іаш, цуьнан ойла хилира: «Великий художник-м вара со, велахь а миччара даьккхина а, ахча даккха-м деза».
ТІаккха и жима хьаша еара, шийла тІуьна бІаьсте йисте йолучу хенахь. Иза ши бутт кхочуш, шен дений, нанний бехкала а йоьдуш елакъажа Іемира. «Тхо кІанте хьоьжуш ма дара, цунна тилла цІераш а кечйина, йоІ хила йиш йоцуш санна, хІара шега хьоьжуш цхьа а воццушехь еъна схьакхечи, цундела ша тхан сатийсам бохийна дела, бехкала яхана-кх» – ойла хилира ден. ТІаккха цунна и шен ойла Іеса а, берана кхераме а хийтира: цхьа а ца вогІу кху дуьненчу кхечунна хьалхара, хІора а шен-шен маьІна, шен-шен некъ бахьаш вогІу Делан лаамца, цундела дагадаийта а мегар дац, бегашийна а...
Декхарийн мохь кхин тІе а базбелира, иза хІинца дІо некъ буьллуш силамна тІе карчаен горга йозалла санна бара. Оцу йозалло хІара шен кхоллараллица цхьаьна дIачапвина, некъах дІаиэвира, амма силам а хадийна малхе кхийда бецан хелиг санна, цхьа дегайовхо-м гІертара дахаре. И дегайовхо кхуо тІаьххьара доккхачу текха тІехь дечигах кхолла лерина сурт дара. И сурт кхунна кест-кеста гІенах гора.
Доккхачу текха гонаха хевшина, ахьаран хьолтІамашца дакъийна жижиг дууш Іа доьзал. Церан гІуллакхе хьожуш, тІехь лаьтта цу хІусаман нус. Йоккхачу стага кест-кеста олу цуьнга: «Охьахаахьа, Аянт, охьахаахьа. Жимма садаІа». «Хуур ю нана», – олу несо дуьхьал, амма шен гІиллакх ца хуьйцу. Доьзалхочух ю иза, цундела сагатдо марнанас. Дагна токх кхача, хьанала хьегначу къина жоп луш лаьтто схьаделла Делан деза беркат. ДІадоьрзу пхьор. Несо дІалуьсту пхьегІаш,тІаккха дечиган доккха текх, тІера галнаш кеда а йохкуш, цІандина а яьлла, дІахІотто каралоццушшехь, наьІарш а, кораш а кегдеш, кхеран хІусаме кхочу хийра мох. Оцу махо тІегоргбеш, бертал бетташ, синош шелдеш, шайн хІусамашкара арабаьхна нах, лаьмнийн кІотарш яссош, Нашха гулбеш бу, цигара дІогена пана махка (мича? мича? мича? – кхойху балано лаьцна яххьаш, амма цунна жоп луш цхьа а вац), къемата дийне, жоьжахате кхийса. Маржа нохчийн нана-Нашха яІ! Муха ловр бу техьа ахьа, кху беркатечу Хьайбаха богІучу наха бахьа и беза баланаш? Латта датІа а даьттІа дІа стенна ца доьду техьа? Оццул беза бу-кх иза – хІораннан сина тІе язъелла гІайгІанаш вовшах а кхетта хилла Боккха Бала.
Текх а дахьаш йогІу Аянт, Хьайбаха юьрта йисте кхочучу хенахь хьовзий лазарша.Зударша го бо цунна. Го шорло, го тІегоргло, стамло. Цу гонна юккъехь, кІайчу лайла тесначу Іаьржачу вертана тІехь Іуьллу Аянт, цергашца балда а лоьцуш, узар ца бан гІерташ, шена хуьлу ницкъ хІокху балано лаьцначу, шайгахь хилла куралла, майралла, къонахалла хьаьшначу адамашна ца хаийта гІерта иза. «Аянт, хьайна ницкъ ма бе! Узарш а де, мохь а хьакха», – боху марнанас. Ткъа гонаха лаьттачу зударша цуьнан узарш Іора ца довлийта зикар доладо:
ЛаилахІа иллаллахІу,
ЛаилахІа иллаллахІ.
Сатаса герга даххалц ца хеда зударийн зикар. Сатосуш, хІара дерриге а дуьне шелонца, къизаллица, баланца шена дуьхьал даьллашехь, лаьтта тІедогІу адам, шийлачу маьхьарца, шийлачу, дакъазбаьллачу Махка.
«ЙоІ ю! ЙоІ...Миска яІ! Ма зама яц-кха хьуна кхаьчнарг!...ЙоІ иштта а ма яра декъаза, хІара кхин тІе а дакъаза ца яьллехь а ...Дала декъал е хьо ...Амин!..» – шабарш даьржа гонаха.
– Цуьнан цІе ПетIамат ю, Элчанан йоьІан цІе, – боху марнанас.
Гуо кхин тІе а горгло, кху шийлачу лайла деана экама адам дарцах, мохах, лайх, баланах лардан болчу лаамца, амма и го бина лаьттачу зударех хІоранна а кийрахь йолчу гайгІано шело кхуллу, цу берана сел чогІа оьшу йовхо а ца кхуллуш. ХІетте а зударий тІегулло, шайн синошкахь мелла а йогучу цІарца, багара йолучу Іаьнарца и дахар лардан, цунна сел хьашт йолу йовхо яла гІерташ. Амма оцу гонна хІоз бина лаьтта кхин цхьа гуо – карахь герз долчу хийрачу адамийн гуо. Кхеран мохк дакъазбаккха, хІаллакбан даьхкинчу адамийн гуо. Царал а лакхахь го бина лаьмнаш лаьтта. Ткъа лаьмнел а лакхахь – дахкаро, мархаша бина го, цул лакхахь – стигланан, седарчийн, есаллийн, шелонан, боданан гонаш...
И дерриге гонаш ловш, церан йозалла хаалуш даха деза-кх хІокху жимчу адаман. Ткъа царах кІелхьара валар хир а дац валлалц, велча сино хадор ду гонаш, и баланийн, гІайгІанийн, декхарийн хІазарш.
Садаьржаш, хабар а даьржа, ша гІаш валур воцург, говрийн божли чу гІуо, кеманца тІаьхьавалор ву... Мича? Мича? Мича? Цунна жоп луш цхьа а вац.
«Шайна дIатовжа йол а хьуо божли чу воьдучо». Дукха кIеда-мерза уьш хиларо шек яькккхинчу Аянта шен марнене олу, ма сацийтахьа вайшиъ тІаьхьа, йоІана хІуъу хилахь а, вайн нахаца дІаяхийтахьа. Амма марнана реза ца хуьлу. Хьо а, йоІ а жимма метта а яийтина дІагІур... ХІара шиъ кІел сецча, кхарех къаста ца луш, дегахьара а, ненехьара а кхин ткъаессана стаг а воьду божли чу, шолгІачу дийнахь оцу даккхийчу кхиерех динчу, пурх дечигаш а тосуш, царна тІе шера тIулгийн экъанаш а йохкуш, царна тIе можа латта а духкуш бина твох болчу божли чохь кIуьро садукъдеш, цІаро дууш, шайна жоьжахати хІуттур ю бохург дагахь а доцуш.
И хІоьттича, бІарзделла, сина дарделла адамаш, нуьцкъалчу тулгІенашца пенойх дІасадеттадаларх уьш херца а ца делла, цІенкъахула лаьттан буха даха гІертарх гІуллакх а ца хилла, тховх Іуьрг а доккхуш стигал довла а ницкъ а ца кхаьчна (тІаьхьа догІмийн чархаш яьгна евлча, синош гІур ду оцу тхоьвнах чекх а девлла, Іаьржачу Іаьршашка дІа), наьІаршна тІедетталур ду, цара уьш кег а йийр ю, пхи-ялх стаг аравада а кхиор ву, амма маьІарго ялале даьндаргаша вожор ву. ТІаккха арататтаделлачу адамех декъийн сал йийр ю наьІара бертехь, тІаккха кхин цу чуьра арадовла гечо ца карош, орцахвала стаг воцуш, даьгна дІадевр ду ворхІ бІе гергга адам; ткъа церан синош дехха хьийзар ду Гих-хин тогІехь, шайн догІмех йисина яьгна даьІахкаш халкъах къаьстина лаьмнашкахула бевлла лелачу наха лаьттах дІахьулъяллалц.
Ма доккха хІума ду-кх оцу жимчу адаме, ши дей ши буьйсий даккха дуьненчу деанчу адаме хIоьттинарг, кху маьлхан дуьненахь йоккхург оццул бен хан а ца хилча, оцу хеначохь а сенчу цІарах йогу жоьжахати лан дезна-кх цуьнан.
Дечигех гайталур дуй и къемате, дуьненчу даьллачу ши де бен доцучу беран мохь, цо Деле кховдийна куьйгаш, цо Деле ден дешнаш доцу доІа... Оцу дийнахь Хьайбахахь хилларг гайта мукъам а, дешнаш а, басарш а оьшу. Ткъа хІара охІла верг цхьа дечиг а, урс а ду, хІетте а хІара теша шен карахь дечиг мукъаме ериг хиларх, дешнаш ца алахь а, цо дуккха а нахана дуьйцург хиларх... Делахь а, ма дика хирдара кхуьнан тайнигаш йистхуьлуш а, мукъамбеш а хилча. Цул тІаьхьа ма дарра гайталур дара хІетахьлера ирча сурт.
Дени вехха лийлира оцу къизачу суртах хІун дакъа кхуллур ду ца хууш...Эххар а цуьнан ойла хилира, царна тІехІоьттина жоьжахати гайта стенна оьшу, иза йийцича а тоьаш ду: цулла а ша оцу зударша шийлачу, декъазчу суьйранна дуьненчу даьллачу адамана бина йовхонан, къинхетаман гуо гойтур бу. Цкъа хьалха кхуо тиэкх дийр ду, Аянтан цу дийнахь карахь хилла тиэкх. Ткъа оцу тиэкха юккъехь Іаьржачу вертано ах хьулйина Іуьллу Аянт, юххехь шен бер а долуш. Ткъа зударийн дечиган аматаш, цу шинна го беш, тиэкхан йистаца лаьтта. И гуо – адамийн гуо, лаьмнийн гуо, дохк-мархо а, царал а лакхахь – седарчаша а бина гуо...
Кхунна муьтІахь дац басарш, аьзнаш, беснаш, мукъам, кхунна муьтІахь цхьа дечига, урс а ду, Амма хІара теша: шен дечиган сурташка хьоьжуш нехан кхетамехь денлур ду цу хенахьлера сурташ, беснаш, аьзнаш, мукъамаш, хьожанаш...
Дехьачохь юха а беран делхар хезча, кхунна дагадеара, цуьнан цергаш йовлуш хан хилар, цхьана лоьро оцу хенахь берана хуьлу хало гІеметта хІоьттинчу стаге лан а лур яцара алар. Иштта лазаме ю-кх дахаран юьхь, тІаккха...
Кхунна дагатесира бІаьстенан юьххьехь дитташна йовлу чІенигаш, уьш юсалой «тІохханехь» лелха, генаш тІехула охьаоьху диттийн бІаьрхиш, уьш доьлху кхоллалучу керлачу гІа-патарийн лазамах. Иштта беран доьлаш лелхийтуш, уьш хедош, гучудуьйлу кІайн буьртигаш-цергаш.
Дени хьала а гІаьттина, дехьачу йолучу наьІаран гура юккъехь лаьтта. Эсет, хьо ког а боккхуш, йоккха хилча, хьан дас хьо юьрта юьгур ю, хьайн денана йолчу. Цо хьуна дуьйцур, ду муха хилла хьан денана. Масийтта юьртахь шен оьздангаллица цІе йоккхуш хилла жима йолуш. – ТІаккха хьан денана хьан дас ялорх. Гуьйре чу ерзина а бевлла, кхаш а, керташ а наха нораш а хьокхуш, цІанйина хан хилла хьуна иза. Буьйса юккъе йоьдучу хенахь араяьлла хьан денана, хьан дедега ян. Новкъа йоккхучо: «Дала декъалйойла хьо а», – аьлла хьуна. Ловзар дІадирзича хьан дедейиша цІеста кІудал а, чилхьесан бухка а бахьаш еана хьуна хьан денана декъалъян. Хьан дедега еана кхо бутт балале кхе йиллинчохь кІайчу ахьарах йина мохь тоьхна сискал а юьсуш «Кхера схьаяккха стаг воцуш яьгначу оцу сискалан къа сайна хиларна кхоьру-кх со» – олура цо кест-кеста), цІера яьккхина хийрачу махка кхоьссина оцу къизачу Махо. Ткъа хьол исс бутт жима йолу Нашхара ПетІамат, ца йитна хьуна цергаш йовллалц а...
ХІаъ, хьуна денана юьйцур ю хьан дас, хьо кога а яхачхьана, хьуна мотт а Іемичхьана... Шуьшиъ цкъа, наха, шайн керташ охкуш, охуш ялта дІадуьйчу хенахь, хьаннашна, аьрцнашна юккъехь Іуьллучу юьрта доьдуш, хьан дас дуьйцур ду вейтта доьзалхо дуьненчу ваьккхинчу царах нийсса ах лаьтте верзинчу, Делан къинхетамца баха бисина вуьйш, хІумма а ца оьшуьйтуш, оьздангалла Іамош, хьан дедас а, денанас а хьалакхиорах лаьцна... ТIаккха цо хьуна дуьйцур ду кхойтта шо а даьккхина, юха цІа дирзича, хьан денанна хІетахь цІерадохучу Іуьйранна сискалца кхейиллина экъа карор. ТІаккха хьан дененайиша генара, СоІди-КІотарара гІаш хьаннашкахула, Іаннашкахула боккха цІен етт а балош хьошалгІа яр а. Цу аттах даьхнийн хІу а долийна, яраш а евлла акхадаьлла лаьттачу кха тІе хьаьжкІаш а йийна, юха а, хІинца кхоалгІа яха хиира хьуна хьан денана...ХІаъ, хьан дадас дуккха а хІуманаш дуьйцур ду хьуна, Эсет, хьо йоккха хилчахьана.
НаьІара тІехь даьллачу татано кхерийна бер кхин а чІогІа делха доладелира. Дукха хан ялале, цхьамма чІоггІа неІ туьйхира.
– Мила ву цигахь? – хаьттира Денис наьІаре хьодуш.
НаьІара тІехь узар а, «хи, хи... лойша» – боху дешнаш а хезира. «Стаг лазийна, орцахвала веза» – неІ йиллира цо, йиллина валале дохко а волуш, амма тІаьхьа дара, оцу маьІаргонехь къизаллин бода хьаьдира цуьнан экамчу, вуонна дуьххьало ян ницкъ боцчу хІусаме.
Бодано чоьхьа а баьлла неІ дІачІегІира чухула – арара чу орца ца кхачийта. Чохь бода кхаа декъе бекъабелира:Уьш кхоъ вара – мукадехкийн санна догуш бІаьргаш а долуш, цхьаьнгахь – автомат, вукхаьргахь – тапчанаш, хаьнтІе оьхкина –даккхий арсаш а долуш, тІеюьйхина Советан эскарх йисина тІелхигаш.
– Хьо мила ву? – мохь хьокху цхьамма.
– Шу муьлш ду? –
– Тхо ца го хьуна?
– Го...Цундела хоьтту ас.
– Национальни гвардин бІаьхой!
– Хан йоцучу хенахь нехан чу гІерта хьан бакъо елла шуна?
– И хІун дара цо аьлларг? Бакъо? Хьуна хІун бакъо еза? –
– Революцина дуьхьал волчух тера ду хІара. –
– И цхьа хІума ду моьттуш, шу санначарна кхайкхамаш язбеш-м лийлира со хІетахь...
– ХІа-а...ХІара гІурт баржорна бехке хьо а ву-кх ткъа. Тхо оппозицера ду.
– Со-м сихха кхийтира.
– ХІа-а, кхетта хьо? Iедална дуьхьал вала а дагахь ву хьо? –
– НаьІалт хуьлда шун Іедална!
– Хьажал! ХІинца гучувели. Тхо оппозицера дац!
– Шу миччара делахь а, яхийта кху чуьра! – мохь хьокху Денис, дукхах долчунна, дехьа чуьрчу зудчунна хазийта.
Масех кІира хьалха, нехан хІусамашна чубуьйлуш, нах бойъуш, хІуманаш кхоьхьуш талорхой бу аьлла шена хезча, кхуо бегаш бечуха элира: «Нагахь и тайпа берзалой кху чу йовлахь, сов цІа чуьра кор а деллий, лулахошка хьадалахь, – Ахьмсолта оьзда къонах ву, цуьнан герз а ду, иза орцах вер ву».
Мохь тоьхна ваьлча, хІоьттинчу йоццачу тийналлехь, кхунна хеза схьадоьллуш цIевзинчу коран тата.
Иза вукхарна ца хазийта, кхуо юха а мохь хьокху:
– Арайовла кху чуьра, боьха хІумнаш!
Амма кхуьнан тІаьххьара дош, легашкахь сацош, бІаьрга чу мІара а тосуш, кхуьнан бага дІаюкъу доккхачу куьйго, тІаккха оццу куьйго кхин мукъа ца волуьйтуш, ластавой, соне чутуху.
– Ахь стенна мохь хьоькху?! Хьо хІун ю хаьий хьуна тхуна? Хьо, хьо, хІумма а яц хьуна... – Иза чухула дІасахьоьжу хІара вуста пайдабоцу хІума лоьхуш, эххар стоьла тІе бІаьрг тухий:
– Хьо тхуна хьалха дечиган тайниг ю хьуна.
– Вай массо а ю Далла хьалха тайнигаш, ткъа шу – Дала наьІалт аьлларш ю.
– Хьо-м ю суна хьалха тайниг, – мохь хьокху мажйолчо, стоьла тІера кхуьнан ерриге тайнигаш, шаьш тІехь лаьттачу текхаца цхьана лаьтта охьа а кхуьйсуш.
ТІаккха царах цхьаъ – хІинцца Хьайбахахь, лай тІехь, зударша бинчу гонна юккъехь дуьненчу яьллачу ПетІаматан сурт – схьа а оьций:
– Тхайна лаахь оха, иштта, корта дІа а боккхур бу-кх хьан, – олуш, шен хаьнтІера урс схьа а доккхий, тайнигана хьокху – цуьнан корта кхоссалой чухула дІабоьду.
Стенна? Стенна? Цкъа дуьненчу яьлча, де-буйса а далале ягий, хІинца, шолгІа а, уьрсаца корта баьккхи...Шозза а. Стенна? ХІун къа хьаьрчина хилла цунах, мотт ца хуучу маликах, шоззе а и сел йоккха къизалла лан?
Оцу хаттарша кийрахь жоьжахатин цІе латийна, иза маж йолчуьн легашна тIекхийтира, билггала ша хІун леладо а ца хууш. Дуьненан дерриге а вуо цуьнгахь гина – жимчу беран корта баьккхинчуьнгахь ца хилла, хьаьнгахь хир ду иза? – иза хІаллакдан болчу лаамца. ХІара, Дени, шен Іалашоне кхача а тарлора, хІетталц цу чуьра хІуманаш тІекІелъетташ, кхеран доцу ахчий, деший лоьхуш, коьртах зударийн пазаташ йоьхкина шиъ ца хиллехьара. «Кхана-лама уьш охьа а яьхна, дика ши стаг хила дагахь хир ву хІара шиъ, мажйолчо ца лачкъийна шен юьхь-сибат, цунна бен а дац нахана шех хІуъу хетча а, я цуьнан маж а тІелатийна ю техьа? – хІаъ, нохчийн шалхалла, нохчийн докъазалла, нохчийн садекъадалар: гуш – цхьаъ, къайлах кхин; багахь – цхьаъ, дагахь кхин». – ойла хилира Денин и шиъ шен шина пхьаьрсах тасавелча.
Амма цаьрга дІаса ца баккхабелира кхуьнан ши пхьарс.
Мажъерг бухахь а волуш, хІара, шиъ цІенкъа вуьйжира – иштта дикахо а Іовдалора легаш.
– Кхунна хІун дийр дара? Вуьйш ма лаьтта кхуо иза?
– Суна хаьа хьуна кхунна хІун дан деза-м...
И аьлла а валале. кхунна шен лера улло цхьа шело хаало.
«Везиндела...» – амма и ойла кхин дІа ян ца кхуьу иза. Дерриге а – кхетам а, бІаьрса а, лерса а – хеда цхьана юкъана.
ТІаккха, цхьа хан яьлча, цунна хеза тайп-тайпанчу олхазарийн эшарш цхьаьнаийна мукъам. И ма хеззи, цуьнан синхьехам хуьлу: хІан-хІа, бац иза кхунна девзинчу дуьненчуьра мукъам; делахь вийна-кх со цуо... ХІун хили-техьа цу берах а, зудчух а?...
Эххар а цуьнан бІаьрса юха догІу. КІайчу, кегийчу, уьрсо хедийча санна нийса сенаш долчу лаьмнашна юккъехь стигал басахь Іаьмнаш Іохку. Царна юккъехула а баьлла, цхьанхьа кІайчу серлонехь Іуьллучу анайисте боьду сирла-баьццара некъ.
– И хьан некъ бу. ХІинца дуьйна дІа цу новкъа гІур ву хьо. Лаьттара некъ хьан чекхбаьлла, – аз хеза цунна.
«ХІун хили техьа цу шиннах?» – ойла хуьлу цуьнан.
– Охьахьажа, гур ду хьуна...
Охьахьаьжча цунна го Марима йоьІаца Эсетаца АхьмсолтагІеран неІарх етталуш, тІаккха Ахьмсолта а, цуьнан виъ кІант а герзашца шайн керта хьовдуш а, цара талорхой бихкина охьабохкуш а; тІаккха кхунна шайн юрт а, цигахь шена хІоттийна тезет а го, нана а, вежарий а, йижарий а, шен дакъа дІадуллуш а – дуьххьара малх тІекхетачу хазачу меттехь нисло кхуьнан каш.
– ХІинца вало...– хеза цунна аз, лаьтта тІера сурташ дІадовлу, хІара генаволу лаьттана. Цигара седарчашна юккъера охьахьаьжча цунна го буькъачу бодано дІалаьцна Латта. Оцу боданехь юкъа-юккъехь серлонаш а хаало, гІийлла етталуш.
– Нагахь и серлонаш бодано къайлаяхахь, Латта хан-зама, буьйса-де доцчу, «лекха-лоха», «еха-йоца», «жима-йоккха», «къона-къена» боху бустам боцчу, бух боцчу Іаьржачу Іинчу дужур ду; цунах хІумма а дуьсур дац, цхьа дагалецам а.
«Уьш хІун серлонаш ю. Оццул кІезга Стенна ю?»
– Уьш Далла догцІена Іамал ечу нехан серлонаш ю... Хьайн серло ган лаьий хьуна. ДІогахь дечигах латийнчу цІарах тера ерг гой хьуна?..Иза ю ...ХІаъ, хІаъ... Хаьа суна хьан дагахьдерг а...Хьуо Іамал ян ца кхиъна боху ахь...Ахь дечигех деш хилла сурташ а дара Деле ден доІанаш...Хьан догдикалла, адамех – генарчех, гергарчех болу къинхетам а бара хьан тайнигашца...
Дени юха а хьожу, мацах кегий бераш долчу хенахь зудабераша чІешалг тІекІел а юьллий, еш хиллачу тайнигана гонаха хьерчийна кІадин цуьргаш санна, боданан асанаша масех гуо беш юкъахьарчийначуЛаьтте. Евза цунна и бода мелла а зарзбеш летта серлонаш. Цхьаъ – цхьанхьа а цІа-цІе а доцуш, ваьлла лела илланча; важа – Іаламах лаьцна догдика байташ язйийриг; кхоалгІаниг – хІара дерриге а дуьне Деле доьхуш, ламазашна тІехь доІанаш деш юьртахь еха цхьалха йоккха стаг; йоьалгІаниг...
Сирла-баьццарчу новкъа а ваьлла, уьрсо хедийча санна нийса сенаш долчу кІайчу лаьмнашна юккъехула, стигал басахьчу Іаьмнаш йистехь сеца а сецаш, церан хих къурдаш а деш, дІаэха волало хІара. Лаахь оцу кІайчу лаьмнех адамийн, дийнатийн сурташ а хедор ду...Уьш лаьттахь кхуо дечигех хедийна тайнигаш санна йоцуш, шайн аз а, бос а, болар а долуш а хир ду. ХІетте а кхунна ца лаьа иза – лаьтта тІехь айхьа лелийнарг, кхузахь иштта мехала а ца хета. Кхунна иштта дІаэха лаьа кІайчу лаьмнашна юккъехула серлонехь Іуьллучу анайисте, цигахь, лаьттахь, бисинчу гергарчу нахана са а гатдеш, уьш Деле а боьхуш...
Мичахь бу-техьа кхул хьалха кхуза схьабаьхкина кхуьнан сина гергара нах? И ойла кхоллаяларца цхьаьна кхунна хьалха хІутту цхьа къона йоІ. Ерриге а цІеналлех кхоьллина ю иза, цундела – Башламан ша санна, кІайн, месаш – бурула можа. И шена цхьанхьа гича санна хета кхунна. «ХІаъ,хІаъ, со ю иза, ахь дечигах сурт дина, Хьайбахахь ягийна ПетІамат». – «Хьан масех де бен ма дацара. Кхузахь хьо йоккха ю...!» – «ХІаъ, кхузахь гуттар а цхьа хан хуьлу синойн»...
– «Ткъа вуьйш? Сан да, вежарий, йижарий?». «Оцу новкъа дІагІо хьо», – къайлайолу йоІ.
Иза сирла-баьццарчу новкъа волу...